Шераш ду шен берашна наналла дан бакъо йоцуш иза лела

Iедало бераш дIадахаран бохамаш юх-юха а тIеIиттало Европехь бехачу нохчийн доьзалшна

Your browser doesn’t support HTML5

Шераш ду шен берашна наналла дан бакъо йоцуш иза лела

Хан мел йолу бераш дIадахар алсамдолуш ду. Австрерчу Штайермарк лаьттахь ехаш йолчу Магаева Залинех и бохам Iоттабелла итт шо ду. Цу махкахь уггаре а хьалхарчех бераш дIадахар шех хьакхаделлачарех ю иза.

Цу итт шарчохь масийтаза кхелашкахула шен дозал юхаберзон гIиртина йолу зуда дуккхаъчу адамийн бакъонашларъяран цхьаьнакхетараллех а, адвокатех а, берашна Iуналла даран хьукматех а чекхйийлина, гIо лоьхуш, амма хIинца а цуьнан кадаьлла дац цу тIехь, цо ша Маршо Радионе ма-дийцара: "Сан кхо бер 2007-чу шарахь пехийн лазарш ду аьлла, гучудаьлла. Уьш дIабуьгучу хенахь йоккхах йолу йоI 9 шо долуш, цхьа кIант 4 шо долуш, ткъа жимахниг 1 шо долуш вара. Цхьана австрихойн доьзале дIабелла бу уьш хIетахь дуьйна".

Масех шо а даьлла, Магаева Залинин йоккхах йолу йоI кхиинчул тIаьхьа иза тIеэцначу доьзалехь дар-дацарш а хилла, церан цуьнца юкъаметтигаш телхинчул тIаьхьа, иза цара тесна йитнера, бохуш дуьйцу нанас, и йоI цара араяьккхинера, цо дийцарехь.

Иза хIинца ша шена Iуналла даллал ю, меттигерчу низамашца иза маьрша лела йиш йолуш а боху нанас: "Сан йоьIан 16-17 шо а кхаьчна, цо ша шена банкехь чот а йиллина, шен ахчан дола дан иза йолаелча, цара иза араяьккхинера. Ша паркехь ю аьлла иза соьца зIене яьлча, ас тIаьхьа а яхана цIаялийра. Цара иза хIинца йоккха ю, цуьнан бакъо ю шайна луучехь лела бохура, шаьш де аьлларг иза деш яц, ца бохура шаьш иза ахча бахьана долуш араяьккхина".

ЦIаялийначу йоIа шаьш тIеэцна хиллачу доьзалехь даима а нана гамлочу кепара хIумнаш дуьйцуш, цу берийн даима а хьебилархьама болх бора шайна тIехь, бохуш дийцира шега боху Магаевас.

Цундела бераш шена херадевллера, кхелехь а цара шайна йинчу ненаца хила ца лаьа, шаьш тIеэцначу доьзалехь диса лаьа аьлла тоьшаллаш динера: "Сан йоIа соьга дийцира, цу зудчо шега хIора дийнахь "шу нана шу довда а дина, Нохчийчу дIадига гIерташ ю, цигахь шуна еттар ю, шун нанас шуна еттар, шу цуьнга дIа ца дигийта къахьоьгуш ю ша" бохуш, хIумнаш дуьйцура бохуш. Цундела шаьш со гича а кхералора бохура цо".

Магаеван цIайирзина йоI хIинца марехь ю нохчийн доьзалехь. Ткъа жимах волу 14 а, 11 а шераш долу ши кIант ур-атталла шена гайта а ца гойту, боху Магаевас: "Сан ши кIант цара суна гойтуш а вац. Цкъа ши шо делира цара суна и шиъ ца гойтуш, цул тIаьхьа ах шо делира. Уьш суна цIаберза а, тIебахка а лууш бацахь, ур-атталла цу шина кIантана гайта лаьара суна, со цу доьзалехь царна Iуналла дечара цаьрга ма йийцара во стаг йоцийла, со и шиъ везаш лелаш юйла".

Австрехь кхелашкахула шега шен бераш цIадерзалург хиларх тешам байна йолу Магаева Залина хIинца Страсбургерчу адамийн бакъонийн кхелехула къовса Iалашо йолуш ю шен бераш кхион а, царех марзо эца а бакъо.

Итт шарахь берех хьоьгуш йолу ша тешна ю, йозуш йоцучу дуьнанаюкъарчу кхело шен гIуллакх цхьангге а озабезамаш а ца беш, нийсонна тIехь толлург хиларх боху цо.