Гуьмсехь ЯмадаевгIеран вежарий лоьхуш хилла Iедал

"Новости" агенталло яздарехь, Гуьмсехь дIаяьхьначу операцехь лоьхуш хилла федералан лехамашкахь болу ЯмадаевгIеран вежарий Iийса а, Бадруди а. Чоьхьарчу гIуллакхийн министралло Алханов Руслана бина и хаам.

Операцехь дакъалоцуш хилла полисхой а, меттигерчу администрацин белхахой а.

"Тхоьга информаци кхаьчнера, лехамашкахь волу ЯмадаевгIеран ши ваша Iийса а, Бадруди а къайлах цIа вогIий, дIавоьду, аьлла. Оцу билгалъяьккхинчу кварталехь полисхоша талламаш бина паспорташка а хьуьйсуш", - аьлла "Грозный" телеканалан эфирехь.

Алхановс бахарехь "тамашен хIуммаъ дац цигахь".

"Оха бахархошка хаийтира тхаьш арадаьккхинарг, уьш кхета а кхийтира тхох. Полисхой шайн декхарш кхочуш а дина, дIабахана", - аьлла, билгалдаьккхина Алхановс.

Маршо Радионо дийцира, "Росбалтан" хаамашна тIе а тевжина, ша бакъйолу тIеман операци Гуьмсехь дIаяхьарх еаридийнахь.

400 туьтмIаьжгаш йоьхна, герзах боьттинчу наха дIалоьцуш ду ЯмадаевгIеран доьзалш беха хIусамаш. Камуфляж йоьхнарш цIенош чу а лелхаш, дуьйцуш бахьана а доцуш, яздора "Росбалта".