Your browser doesn’t support HTML5
Нохчийчохь, Керлачу шарна кечамаш цхьа бутт хьалха дуьйна болийна бара. Соьлж-ГIала юккъахь оцу даздарийн коьрта билгало лекха база дIахIоттийна. Цунна тIаьххье, хIора коьрта Iедалан хьукматаш шайн керташ а къагийна дийнахь а, буса а йогучу гирляндех.
Керлачу шо тIекхача цхьа бутт биссинчу хенахь, суьйранна урамашкахь яккхий гIовгIанаш хуьлура бераша лоьлхуьйтучу петардех. Кху шарахь а и гIовгIа гIеххьа лахъелла.
Арахь а ло дац. Цундела тIедогIучу Керлачу шеро иркIархIоттина дог-ойла йолуш нах ца го. Дуккха а царах иза даздийр долуш бац, иза бусулба нехан дац бохуш.
ХIетте а,даимма санна, дIадаьллачу шеран мах а хадош, тIедогIучуьнах сатйисамаш хуьлу нехан. Маршо Радионо а хаьттира цхьаболчу бахархошка, дIадоьду шо чекх муха делира, тIедогIучуьнах хIун дегайовхо ю шун, аьлла.
Нохчийчоьнан дозанал а арахь вехачу совдегаро Тутаев Шарипа иштта элира: "Далла бу хастам, дика чекхадели хIара шо. Массо а могуш, маьрша хилар доккха хIума а хеташ. Дала мукълахь, тIедогIу шо кхиъ дика хира ду аьлла сатуьйсу вай. Делан карахь ду ша дерриг".
Бусулба нахана кху шарахь чIогIа Iаткъам хилла, баланаш лайна, цундела, и хIума тIера дIадалийтар доьху ша боху Гуьмса-кIоштера вахархочо Мирзаев Сайд-Селима: "ДIадахана хIара шо, цхьанна а кепара бусулба нахана хаза хIума хилла дац. Керлачу шарахь дика хиларна сатуьйсу. ХIара латта вай мел хьоьшу, тIамах, зуламех, вочу хIуманех Дала Iалашдойла вай".
ТIе мел догIу шераш хал хуьлу аьлла тидам бо, Наур-кIоштера вахархочо Амирханов Анзора. Амма даиимма са-м туьйсу тIедогIуш дерг дIадаьллачул дика хиларна, элира цо: "ДIадоьду хIара 2017 шо, цул хьалха хиллачу 2016-чул а хала дара. Белхан меттигаш яц. Болх бар хала ду, алапаш лахара, толуш хIума-м дац, хьуна бакъдерг дезахь. Дала беркате дойла тIедогIу шо. Шо-шаре мел долу толуш-м дац иза, талхар бен".
Журналиста Серганова ТIауса вуон мах ца хадабо дIадаьллачу шеран, амма хиндерг муха хир ду гойтур ду Оьрсийчоьнан президентан харжамаша, элира цо: "ХIара шо, цхьанакхетаршца а, керла адамаш довзарца а чекхадели. И вайн сатийсамаш кхочуш хир буй-баций хуур дук-х Зазадоккху - баттахь. Соьга хаьттича, цхьанна а къоман ас бохамаш а, баккхий карчамаш а хуьлуьйтур бацара. Адамийн паргIатоне, синтеме дахаре сатийсамаш бу. Сан а".
ДIадоьдучу шарахь цхьа бизнес-проект Нохчийчохь йойла лиънера шена боху журналиста - яздархочо Акаев ИсмаьIала: "ТIедогIучу шарахь цхьа проект йолийнехь хIун дара теша аьлла вара со. Доьзалхо дуьнен чу ваьлча, цуьнан банкан счет а йой, цу тIе цуьнан 18 шго кхаччалц ахча охьадуьллу Iедало. ТIаккха, шен и хан кхаьчча и ахча схьа а эцна, я дешарна, я кехчу гIуллакхна дайа йиш йолуш хир дацара теша бохуш ойла яра сан. Дала декъал войла массо а тIедогIучу Керлачу шарахь!"
Дуьнена политика а, ша дерриг а дицло, хьан могушалла ледар елахь. ТIакккха, ойла цунна тIейоьрзу, цундела, ша хIара шо гучудийлинчу цамгаршца даьккхина элира Соьлж-ГIалара Итаев Мохьмада: "ХIинцалц дIадахначу шерашкахь а санна, тIедогIу дерг дика хир ду бохуш, лела вай. Амма таделла хIума дац. Алапца хене а волуш Iаш ву. Оцу халонаша могашаллина а алсам ницкъ бина, дарбанаш деш, дарбан хIусамашкахула лелаш даьлла сан. ТIедогIучу шарахь диканиг хиларе сатуьйсу. Могушалла хилчхьана ша дерриг нислур дара аьлла хета суна".