Нохчийн депутаташа юьтуш ю Инстарам

Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан Инстаграмера аккаунтна блок хIоттийначул тIаьхьа боллу парламентан декъахоша шаьш дIатосур ю аьлла и социаоан маша, хаамбина парламентан прессо. Шоьтан буса дуьйна болх бечуьра сецна ю Кадыровн Фейсбукан а, Инстаграман а аккаунташ.

Цунна тIаьххье шен агIо а дIакъевлира парламентан спикеро Даудов Мохьмада, Кадыровн инстаграм схьаеллалц, шен аккаунтех пайдаоьцур бац ша аьлла, дIа а хьедеш.

Шайн куьйгалхочун агIо лоцуш, Инстаграм дIатосур ю шаьш боху депутатийн корпусо а. 41 депутатах лаьтташ ю Нохчийчоьнан парламент.

Кху деношкахь Iамеркан Цхьанатоьхначу Штаташа "Магнитскийн тептаре" ваьккхина Кадыров Рамзан, махкахь кхел йоцуш нах байарна а, халкъана тIехь Iазапаш латторна а, адамийн бакъонаш ларъеш цахиларна а.