Старр Рингох "Sir" вийр ву Британин паччахьо

Ринго Старр (аьрроагIор), Маккартни Пол. Архивера сурт.

Британерчу The Beatles тобан ватанчана Старр Рингона лур ю къонахчун титул. Цунах лаьцна хаам бина The Sun газето, музыкантан доттагIчунна тIе а тевжаш.

Газето дийцарехь, цунах лаьцна хаам кхаьчна Старрга паччахьан Букингем хIусамера ши-кхо кIира хьала. Цунна титул лур ю Паччахьо Элизабен ШолгIачо музыкехь а, сагIадаккхарехь а доккха дакъалацарна.

The Beatles декъашхошна Британин империн орденаш елира 1965-чу шарахь. 100 шо хьалха и орден кхоьллинарг вара Элизабет ШолгIачуьнан деда паччахь Георг V. 1997-чу шарахь Маккартни Полна елира къонахчун титул.

Старрна титул лур ю 2018-чу шеран Дечкен-беттан 1-чу дийнахь, хIора шарахь хуьлучу Британин пачхьалкхан цIарх орденаш а, совгIаташ а даларан а, цIераш тахкаран а церемонехь.