Собчакана магийна президентан харжамашкахь дакъалаца

Собчак Ксения.

Оьрсийчоьнан коьртачу харжамийн комиссино магийна телевизионан белхахочунна Собчак Ксенияна президентан харжамашкахь дакъалаца. Цунах лаьцна хаам бина Собчакан сайта тIехь.

Иза хьалхатеттинарг ю "Гражданская инициатива" парти. ХIинца Собчак декхарелахь ю 100 эзар стеган куьйгаш гулдан. Цул тIаьхьа иза официалан кепара хир ю 2018-чу шарахь хир болчу харжамашкахь президентан дарж къовса бакъо йолу кандидат.