Уггаре лахарчу алапан барам алсамбаьккхина Путина

Путин Владимир куьг таIош ву документашна. Архивера сурт.

Уггаре лахарчу алапан барам алсамбоккхучу низамана тIе куьг таIина Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира. Эххаре а иза цхьаьнабогIуш хир бу адамана даха лаххара оьшучу ахчанан барамца.

И документ зорбане даьккхина Оьрсийчоьнан низамашца боцначу хаамийн порталехь. Цу тIехь болчу хаамца, 2018-чу шеран Дечкен-беттан 1-чу дийнахь дуьйнабаттахь лучу уггаре лахарчу алапан барам хир бу 9 489 сом.

Иза ю Оьрсийчохь адамана даха лаххара а оьшучу ахчанан бараман 85 процент (11 163 сом).

2019-чу шеран Дечкен-беттан 1-чу дийнахь дуьйна уггаре лахарчу алапан барам цхьаьнабогIуш хир бу хIора шарахь билгалбоккхучу адамана даха лаххара оьшучу ахчанан барамца.

Адамана даха лаххара оьшучу ахчанан барам билгалбоккху Iедало. Карарчу хенахь иза бу 7 800 сом.

Низамца а догIуш, болх бечу стагана цул лахара алапа дала бакъо яц Оьрсийчохь.