ГIажарийчоьнан Iедална дуьхьал даьлла къам

ГIажарийчохь демонстрацехь беллачийн терахь 20 стаге хьаладаьлла аьлла хаамбина "Эхо Москвы" радионо. Исламан пачхьалкхехь еарийдийнахь дуьйнна йолийначу акцешкахь полисхошна а, бахархошна а юкъахь вовшахтийсадаларш нисло.

ТIаьххаьрчу дийнахь-бусий официалехь дIакхайкхорца, лазийнарш шозза совбоьвлла.

Пачхьалкхан телехьожийло а бакъдо и терахьаш. Кахдариджан олучу гIалахь къаьсттина дукха цIий Iанийна. Полисхойн декъан чу кхача гIиртина цигахь яхначу буса. Вийна 6 протестхо.

Цхьаццайолчу гIаланашкахь демонстранташа дагадо пачхьалкхан президентан суьрташ, дарж дитар тIе а дожош цунна. Поитикан хийцамашка сатуьйсу халкъо. Цара тIелатарш до пачхьалкхан а, муниципалан а хьукматашна. Зударий дуьхьал бу хиджабаш лело.

Интернет а, кхийолу коммуникацеш а йихкина бахархошна.