Евроберта юкъа оьцу шаьш я ца оьцу дукха сатийсина ша кIадвеллийла дIахаитийна Туркойчоьнан президенто ЭрдогIан Реджепа. Хонкаран Евробертца юкъаметтигаш тоян Iалашонца Парижехь Францин президентца Макрон Эммануэлца цхьанакхетар хилла цуьнан.
Йист йоцуш ладийгIина девр дац шаьш аьлла, дIахьедина туркойн лидеро. 54 шо хьалха, 1963-чу шарахь Европехьа дуьххьара гIулчаш яьхна шаьш, "шаьш а, къам а гIелделла сатийсина" аьлла президента.
Юьззина бакъонаш йолчу пачхьалкхан статус ца лахь а, мегар дара Евроберто партнер санна тIеэца аьлла, шен дог-ойла къадийна Францин президенто Макрона Туркойчоьнан президнентаца цхьанакхетарехь.
"2016-чу шарахь махкахь Iедал карчо гIоьртинчул тIаьхьа, адамийн маршонаш лакъо гIиртинчу пачхьалкхан дехарца прогресс гойла дац аьлла хета Макронна.
Шина а пачхьалкхан лидерша къамелаш дира Елисейн майданахь хIоттийначу пресс-конференцехь.
Брюсселан а, Хонкаран а юкъаметтигаш шелъелла стохка, цхьайолчу Европан пачхьалкхийн лидерша оцу мехкашкахь бехачу туркойн юкъаралхошлахь харжамийн агитаци яр дихкинчул тIаьхьа.