"Боруссия" эккхийтина гIоьртина оьрсий къера хилла ша бехке хиларна

Германехь "Боруссия-Дортмунд" футболан тоба эккхийта гIоьртина В.Сергей ву кхелехь.

Германехь "Боруссия-Дортмунд" футболан тоба эккхийта гIоьртинчу оьрсийчо даре дина ша зулам дина хилар. Германин низамашца цуьнан цIе йийца йиш яц. Цундела иза вуьйцуш ву В. Сергей цIарца. Оршот дийнахь кхелехь вистхуьлуш ша цхьа а вен дагахь вацара аьлла цу стага.

Оьрсийчоьнан а, Германин а махкахо волу В.Сергей бехке веш ву 28 пунктехула, шайна юкъахъ, эккхийтар а дина, адамаш дайа гIортар а долуш. И стаг, валлалц хан а тоьхна, чуволла мегаш ву.

Зуламхо дагахь хилла футболхой а байина шена са яьккха.

Цу Iалашонца цо план хIоттийна хилла, ша нагахь санна Боруссия клубан финансийн биржера акцеш эцахь, ткъа цул тIаьхьа цу клубан футболхошна дуьхьал террорхойн тIелатар хилахь, шайн ловзархойн кхерамазалла Iалаш ца ялуш йолчу клубан акцеш механа яйлур ю, тIаккха шен уьш йохкар-эцарна тIехь саяккха таро хир ю, аьлла.

Иза кхочуш ян оьрсийчо банкера кредит а эцна, 15 эзар "Боруссия-Дортмунд" клубан сертификат эцна хилла цо, цул тIаьхьа царах акцеш эца бакъо а йоккхуш шена. Цу сертификатех цо 78 эзар евро делла хилла, ткъа шена хир болчу пайдана мах хаждийна хилла "совдегаро" 4 миллион евро.