"Мемориал": Титиевн, гергарнаш ара а баьхна, хIусамийн догIанаш дIадаьхьна полисхоша

Куршлойн-Эвла.

Куршлойн кIоштан полицин белхахоша кхерамаш тесна "Мемориалан" Нохчийчуьрчу декъан куьйгалхочуньнан Титиев Оюбан гергарчарна. Карарчу хенахь Титиев лаьцна чохьволлуш ву талламан изоляторна.

"Мемориало" бинчу хаамца, полисхой чулилхина Куршлойн-Эвлахь Титиевн хIусаме. Зуда а, бераш а цу хенахь цIахь ца хилла. Делахь а цигахь хилла Титиевн вешин, Титиевн Якъубан, доьзалера зударий. Полисхоша аьлла шаьш Титиев Якъуб а, Оюбан 28 шо долу кIант а лоьхуш ду аьлла.

"Мемориало" бинчу хаамца , полисхоша, зударий ара а лаьхкина, неIарш дIа а чIаьгIна, шайца дIадаьхьна догIанаш.

Титиев лаьцна полицино Дечкен-беттан 9-чу дийнахь балха воьдуш. Иза дIакхачийнера Куршлойн кIоштарчу полицин декъе. ТIаьхьо Нохчийчуьрчу чоьхьарчу гIуллакхийн министралло дIахьедар дира, Титиевн машена чохь наркотикаш карийна аьлла. Бакъонашларъярхочо тIе ца буьту шена буьллу бехк.