Блогерш иноагенташ лара реза бу Думан депутаташ

Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан Дума.

Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан Дума хьалхарчу дешарехь хийцамаш бан реза хилла, кхечу пачхьалкхийн агенташ лоручу зорбанан гIирсехь лаьцначу низамна тIехь.

Цу хийцамашца а догIуш, блогер а иноагент лара бакъо хир ю Оьрсийчоьнан территори тIехь, нагахь иза махкал арахьара ахча оьцуш велахь, хаам бо РИА Новости агенталло.