СадаIа 13 пачхьалкхе баха бакъо елла Оьрсийчоьнан полисхошна 

Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министралло билгалъяьхна шен белхахошна садаIа баха магийна йолу пачхьалкхаш.

РИА "Новости" агенталло бинчу хаамца, уьш 13 ю. Царна юкъахь ю Азербайджан, Эрмалойчоь, Беларуси, Казахстан, ГIигIизойчоь, Таджикистан, Туркмени, Узбекистан, ткъа иштта Къилба ХIирийчоь, Абхази. Цул сов, МВД-н белхахойн садаIа баха бакъо ю Вьетнаме, Кубе, Китай. Цу мехкашкахь садаIар полицин белхахошна кхераме дац аьлла хета министраллан куьйгалхошна.

Стохка цу тайпа лоручу пачхьалкхашна юкъахь яра кхин а Таиланд, Тунис, Марокко, Мьянма, Никарагуа, Туркойчоь, ткъа иштта Мисара.