ТIаьххьарчу 12 шерашкахь маршонан тIегIа саццаза лахлуш яра дуьненчохь. ХIора шарахь арахоьцучу шайн рапортехь Freedom House цIе йолчу дуьненаюкъарчу бакъонашларъяран организацино 195 пачхьалкхашкара бахрахойн а, политикан а хьал теллинчул тIаьхьа бина и хаам.
"2018-чу шарахь дуьненчуьра маршо: демократин кризис" цIе тиллинчу талламехь билгалдоккху, 195 пачхьалкхашлахь 88 -ммо (45 процент) ала мегар ду шаьш маьрша хиларх.
58 пачхьалкхерчу (30 процент) бахархоша дуьззина маьрша ду шаьш ала тарлац.
Ткъа 49 (25 процент) - маьрша бац. Ю царлахь Азербайджан, Белорусси, Казахстан, Оьрсийчоь, Туркмени, Узбекистан.
ТIаьххьарчу иттанашкахь шерашкахь демократи къоьлла ловш ю Freedom House организацин президентна Абрамовиц Майклна хетарехь.
Доллу дуьненахь а кхераман гурашкахь ду маьрша, нийсонца харжамаш дIабахьар а, дешан маьршо а, низамаш лардар а аьлла Абрамовица.
Рапортан авторшна хетарехь, Оьрсийчоьнан политикано хьалха санна кхерам латтабо адамийн а, политикан а маршонашна.