МухIажирша зуламаш алсам дар бакъ ца до немцойн полицино

МухIажирша меттигерчу бахархошачул а алсам зуламаш до бохург бакъ ца дина немцойн полицино. ТIебаьхкинчу наха де зуламаш таллархьама Германерчу Брауншвайг гIалахь лерина кхоьллинчу полисхойн зондер-тобан куьйгалхочо Кюх Улфас дийцарехь, хаамийн гIирсашкахь даржош долу криминалечу мухIажарийн сурт харц ду.

Шайн тобанан зеделлачух лаьцна дийца Вене веанчу полисхойн хьаькамо элира, Германе тIаьххьарчу шина-кхаа шарахь миллион сов мухIажир кхачаро цу махкахь деш долчу зуламийн терахь башха хийцина дац, иза цхьаьнаэшарехь дисна аьлла.

Изза хьал Австрехь а хилар тIечIагIдира меттигерчу криминалан хьукматан куьйгалхочо Гайгер Эрнсто.

Германехь тIебаьхкинчу наха дечу зуламийн терго ечу эксперта Кюх Улфа билгалдаьккхира, доккхачу декъехь зуламаш деш берш тховкIело ехнарш я кхаьчнарш бац, мухIажарех дIа а ийна, лерина зуламаш лелон Европе баьхкина болу нах бу, аьлла.

Оьрсийчуьра а, Гуьржийчуьра а, Балканашкара а, Къилба Африкера а талорхой хьахийра цо къаьстина алсам къепедацарш лелочарна юккъехь.

Нохчий цу могIаршлахь билгал бевлла бац элира цо.