ГIалгIайчоьнан прокуроро шен тергоне эцна "Мемориална" цIетасаран гIуллакх

ГIалгIайчуьра "Мемориалан" офисах цIе тасаран хьокъехь бехкзуламан гIуллакх схьаделлар низамца догIуш ду аьлла махкарчу прокуратурано. Республикан прокуроро шен тергоне эцна и инцидент таллар аьлла, хаамбина прокуратуран прессано.

"Билгаладьлла кхаарин буса 'ВАЗ-2107030' Iаьржачу басарчу машенахь тIевеанчу яххьаш лачкъийначу шина стага, шаьш дийриг а хууш, даккхий зенаш дархьама, шина гIатах лаьттачу Назранерчу гIишлонна герга вар. Пенах лами а гIортийна, "Мемориало" лаьцначу хIусам чу а ваьлла, цIе тесна цушиммо", - аьлла бу хаам.

Прокуратуран зерашца, 700 000 эзар соьмана зен дина цара организацина.