Соьлж-ГIалахь субботникаш кхайкхийна

Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан тIедилларца, Соьлж-ГIалин кIошташкахь субботникаш ду дIакхайкхийна.

ГIалин урамашкахь цIано латто арабевлла шоьтадийнахь эзар гергга бахархой. Мэрин белхахой а, цуьнан куьйгакIеларчу хьукматашкахь болх беш берш а, меттигера бахархой а бара субботникехь дакъалоцуш.

ГIалин коммуналан хьукматийн спецтехникаца лайш а, шаш дIа а бохуш, цIандина цара урамаш, некъаш, цIеношна хьалхара территореш а.