ТIемало ву аьлла, 18 стаг вийна Нохчийчохь 2017-чу шарахь

Министр Алханов Руслан. Архивера сурт.

ДIадаханчу 2017-чу шарахь, тIемало ву аьлла, 18 стаг вийна Нохчийчохь. Цунах лаьцна дIахьедар дина Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан Нохчийчуьрчу урхаллан куьйгалхочо Алханов Руслана. Цо чIагIдарехь, цуьнан куьйгакIеллахь болчу полисхошна гучудаьлла республикехь 8 тIемалойн тоба хилар, инарло церах «бандгруппа» олу. Цу тобанашна юкъахь маса стаг ву а хаьа Алхановсна – 89 стаг.

Министро бинчу хаамца, республикехь зуламхойн тобанан декъашхо ву аьлла стохка лаьцна 85 стаг, шайна юкъахь цхьаъ тобанан хьалханча а волуш.

Стохка Дечкен-баттахь «Новая газето» яздира 2017-чу шарахь Нохчийчохь, бина таллам а, йина кхел а йоцуш,иттаннаш тIемалой бу аьлла шеко йолу нах байина хиларх лаьцна.