Нохчийчоьнан Лаккхарчу суьдо хийцам боцуш битина Шелан кIоштан суьдо Титиев Оюб шина баттана набахте хьажор хьокъехь бина сацам.
Iуьйранна хила езаш йолу кхел суьйренга теттинера, Титиев суьде валийна ца хилар бахьана долуш. Кхелан хIусамехь хиллачу «ДОШ» журналан журналисташа дийцарехь, Титиевна ницкъ бина хиларан ларш яцара. Иза воьхна а вацара.