Амстердамехь гIалин юккъехь герз диттина, цхьа стаг а вуьйш

Нидерландаш -- Амстердам, 26Дечк2018

Амстердамехь гIалин юккъехь герз диттина, цхьа стаг а вуьйш, кхин а шиъ чевнаш йина ву. ТIелеттарг къайлаваьлла. Иза лоьхуш ю полици. Бохам хилла меттиг го ьина ю ю, масийтта куп юкъа а лоцуш. Герз тохар хиллачу кIоштахь юкъахдаьккхина транспорт дIасалелар. Цунах лаьцна хаам бина Нидерландийн полицин твиттерехь.

Тешаш дуьйца, тIелатар динчу стеган коьртах боьллина ша тайпа юхькъовлуш болу куй бара бохуш. Полицино и хаам комментарий а йоцуш буьтуш бу. Хилларг теракт ю-яц къастош ду.