Кадыров: Цкъа мацца а кхетар ю Iамерка

Iамерко арахецначу "Путинан доттагIийн тептарх" комментари йитина Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамазана.

"Оцу тайпа Iовдал гIулчаш яха мегар дац. Дуьненаюкъара цхьа проблема Оьрсийчоь юкъахь йоцуш листа йиш яц церан. Басталур бу уьш. Амма цул тIаьхьа хиндерг Iамеркана гIенах а ца дайна", - аьлла, Твиттерехь йоза дитина Кадыров Рамзана.