Your browser doesn’t support HTML5
Ерриге Оьрсийчохь санна Нохийчохь а болабелла патриоташ кхиоран бутт. Иштта олу 30 дийнахь массо а ишколашкахь а, берийн бошмашкахь а дIахьочу цу хьехамах.
Дакъалоцуш хуьлу республикан юкъараллин хIусамера белхахой а, цхьацца тIеман ветеранаш а,махкахь бевза кхиболу нах а болуш. Цара берашка дуьйцу пачхьалкхана гергахь царна тIедужу декхарх.
Оршотдийнахь тIекхуьу чкъор кхето-кхиоран тоба яханера ТIехь-Мартан кIоштерчу цхьана ишколе.
ОвхIанистанехь а, кхечу тIеман конфликташкахь дакъалаьцначу ветеранаша а шайн дагалецамаш бийцина дешархошка бохуш, хаам бо Нохчийчоьнан официалан хаамийн гIирсаша.
Советан заманахь хилларг ду ишколашкахь бераш хье а деш, царна хьехамаш бар, аьлла хета Соьлж-гIаларчу вахархочунна Давлетмирзаев ШаIранина.
Ша дуьхьал вац цунна а, амма ден-ненан а дош дохош дуй те оцу хьехамаша бохуш, шеконца элира цо: "Берашна бен кхетош-кхиоран болх мел дукха хиларх новкъа бац. Хьалха вай санна дIааьлларг дIа а оьцуш дац бераш хIинца. Патриотийн кхетош-кхиоран болх цаьрца беш хилча новкъ бац-кх иза. Делахь а, шен дас-нанас деш долу хьехар охьатаIийна ду аьлла хета суна".
Берашна оьшуш ду аьлла ца хета 4 беран да волчу Сангариев Зиявдина, иштта тIехсов болу и хьехамаш, патриотийн муххале а. Ша хир волчух ишта а хир ву, воцург, ахь лалийна юхавича а хир вац, элира цо: "Берашка ишколашкахь дешийтичхьана тоьуш ма дуй. ЦIахь луш ма ду царна и хьехарш. Ткъа тIехсов иза дича дика ду аьлла ца хета суна. Цхьа а хIума а доцуш, шен къоман патриот ца вича а ша хир ву хинверг.
Итон-Кхелан кIоштан вахархочунна Тасуев Рахьманна хетарехь, патриот бохучу дешан кхин кхетам бу: "Шен дас-нанас аьлларг дийриг санна патриот хир вац. Дукха хIума хийцаделла вайн. Кху пачхьалкхехь а хийцаделла. Сталин хестор а дIадаьлла, иза а, важа а хилла. Цхьана хIуманна тIера схьа а эцна цуьнах пайда хир болуш хIума ца до-кх вай. Вайн лулахошна хуьлу вай боцучарна. Шен дас-нанас де аьлларг деш верг ву-кх патриот".
Нохчийчохь кегирхойн кхетош-кхиоран балхо дика жамIаш ло аьлла хета. ДIадаьлла ала мегар ду Iедалан дуьхьала хIума алар, ур-аттала могIарера критика яр а.
Иштта кхиочу берех кхана-лама дIахьажжийначохь чугIуртур болуш, лахь бала а, бисахь биса а дайна чкъор хила там бу.