Умаров: Собчакан провокаци яра Соьлж-ГIала яр

"Бахархойн инициатива" партин цIарах Соьлж-ГIала а еана, Титиев Аюб дIахеца аьлла, пикет хIоттийначу Оьрсийчоьнан президентан харжамийн кандидата Собчак Ксенияс йинарг провокаци ю аьлла махкарчу зорбан министро Умаров Джамбулата "Эхо Москвы" радиостанцин эфирехь.

"Собчак хьошалгIа еана бохург ас къовсаме доккхур дара. Иштта ца воьду хьошалгIа. Флешмоб яра иза, цо цхьаьнга а ша йогIий а ца хаийтинера. ШолгIа делахь, суна чIогIа ца тайра, тIаьххьара а цо шен карара "Маьршаваккха Титиев Аюб" тIеяздина кехат хьарчор. Эццахь массо а кхийтира", - аьлла Умаровс.

Министра бахарехь, ма дарра аьлча Титиевца бала болуш яц Собчак Ксения.

Иштта аьлла министро, нагахь юха а Нохчийчу ян цуьнан лаам хилахь, ша массо а меттигех дIасалеор ю иза улле а ваьлла, тхешан республикехь дерг а дуьйцуш.