Your browser doesn’t support HTML5
Масех шо ду нохчашлахь цхьа хаам дIасалела, Швейцарехь вехачу цхьана кхиазхочо шен да-нана лоьху Нохчийчохь бохуш. 17 шо долу кIант швейцархойн доьзалехь кхууьш ву. 2000-гIчу шерийн юьххьехь шен доьзалца Швейцаре дIавахана волу иза дукха хан ялале дега-ненера Iедало мичча бахьанашца делахь а дIа а ваьккхина, берийн цIийне дIавелла хилла. Ткхъа дена-нанна цул тIаьхьа депортаци йинчух тера ду.
Цу кIанта ша базбина, социалан машанашкахула дIасабаржийначу кхайкхамехь иштта яздина ду: "Суна билгал хууш дерг - тхо Соьлжа-гIалахь Iаш дара, муьлхачу кIоштахь суна дага ца догIу. Цигара тхо Швейцаре схьадаьхкира. 2003-чу я 2004-гIачу шарахь сан дай-наний цIахьажийра Iедало, ткъа со кхузахь берийн кхерчахь витира. Со 2000-чу шарахь вина ву. Суна гергарчара тиллина цIе муха яра суна дага ца догIу, ткъа кхузахь сох Люсин олу. Сан ден цIе Арсаев Рамзан яра. Тхо Соьлжа-гIалахь Iачу хенахь тхоьца деннаний, дендай а дара".
И хаам юккъебаьлчахьана цунна гонах лелаш дуккхаъ дийцарш ду нохчашлахь, цхьаболчара цу кIанта дуьйцург шеконе дуьллуш, вукхара иза бакъдеш.
Маршо Радион аьтто белира, Люсин дика вевзачу, цуьнца гергарло лелочу Швейцарерчу цхьана нохчийн жимчу стагаца зIене яла. Усманов Абубакар цIе йолчу цу кIанта тоьшалла до, Люсин боккъал а шен гергара нах лоьхуш хиларх: "И кIант кхузахь волуш ву, мичча хенахь зIене ваккха йиш йолуш а ву. Суна цхьа ши шо хьалха вевзина ву иза, иштта хиира суна иза шен нах лоьхуш вуйла.
Ас элира цуьнга, Нохчийчохь стаг схьакарон хала дац, хьуна лаахь, вай хьовсур ду хьуна хьан нах схьалаха. Иза чIогIа реза а хилла, яздина дара и кехат. Амма цкъачунна иза вевзаш нах гучубевлла бац, цуьнан санна фамили йолуш болу нах бен".
Цу кIантана шех а, шен доьзалх а дагдогIуш дерг вуно кIеззиг хIума ду боху Усмановс, амма цуьнан ша Соьлжа-гIалахь Iийна хиларх а, ша нохчо хиларх а шеко яц: "Официале цуьнан 17 шо ду. Дукха хIума дац цунна дагадогIург. 2003-чу шарахь Нохчийчуьра Швейцаре шаьш схьадахкар а хаьа цунна. Дена-нанна цул тIаьхьа депортаци йина, мичахь йина ца хаа цунна. Ден цIе Рамзан юйла а хаьа цунна. Цкъа хьалха соьга шен цIе а Рамзан ю элира цо, ас цунах Рамзан олура цундела. Юха цул тIаьхьа, цо шех Люсин алахьара ахь, И Рамзан бохург шен ден цIе яра элира".
Люсинна гонахара хьал дийцаре дечара социалан машанашкахь а, Маршо Радиоца зIене бевллачехь а версеш кхийдайо, Европехь дуккхаъ шаьш нохчий бу а бохуш, тховкIело ехна кхечу кавказерчу къаьмнех нах бу, ишттачу доьзалера-м ца хилла-те и кIант, хIунда аьлча иза нохчо хилча, цуьнан кхайкхам гергарчаьрга ца кхочуш а, цуьнан цхьа дай ца бовлуш а Iийр ма бацара, аьлла.
Усмановс шаьш и хIума Люсинца дийцина ду боху, амма иза ша нохчо вуйла хууш ву. Цул совнаха, цуьнан амалш а ю вуно нохчийнчарех тера боху цо: "Цунах лаьцна тхан дуккхаза къамелаш хилла. Суна цунах лаьцна, иза 100 процент нохчо ву я 100 процент нохчо вац ала хуур дац. Амма бакъду, цуьнан лелар а, амал а тергал йича, иза вуно собаре а волуш, нохчех тера хIумнаш долу стаг ву".
Люсин цIе йолчу Швейцарерчу кIанта шен нохчийн гергара нах лоьхуш хилар бакъ ду. Нагахь санна билгал цо юьйцучу хенахь Швейцарехь баьхна, цигара депортаци а йина, шайн доьзалхо а воцуш, цIабаха безна хилла нах коьртах бовлахь, иза кийча ву видеозIенаца а, вуьшта а контакте вала.
Бакъду, и кхайкхам цо баржийча дуьйна цхьа бIеннаш махкахой иштта дIа шайна интересе хиларна а, сагатдаларна а иза ган лууш хиларна, шен сурт а, телефон а массарна а йовзийта ца лаьа цунна.
Нагахь билгал цуьнан гергара нах гучубовлахь, Маршо Радио кийча ю цуьнца зIе еш гIодан.