Your browser doesn’t support HTML5
Шен доллу дахар а мухIажаршна гIо дарна дIаделла хиллачу Венин яхархочун Бок Утин сийдан, Австрин коьртачу шахьаран ХIелденплатц олучу майдане гулбеллера меттигера бахархой.
Царна юккъехь бара Бокс шен хенахь я петар, я юург, я духар луш Iуналла динарш а, цуьнан дикалла юьйцуш хезнарш а, цунна гIодеш хилларш а. Йоллучу Австрера гулбеллера дикадархо даглаца баьхкинарш, чIурамаш а, зезагаш а дохьуш.
„Lichtermeer für Ute Bock“ аьлла, Австрерчу юкъараллин жигархоша вовшахтоьхна йолчу цу акцехь 10 эзар сов стаг гулвеллера, шайна юккъехь цу пачхьалкхан карарчу хенахь президент волу Ван дер Беллен Александр а, цул хьалха президент хилла Фишер ХIайнц а волуш.
Австрин президентана Ван дер Беллен Александрна дуккхаъчу шерашкахь шена евзаш яра Бок аьлла, цуьнан тамашийна амалш а, цуьнан комаьршо а хьахийра цо шен къамелехь: "Шу кхуза тахана дахкар эрна дац шуна. Со цец а ца ваьлла иштта дукха адам кхузахь тахана гулдаларх.
Вайх хIоранне а дийца дукха хIума ду, Бок Утен доьналлех, цуьнан комаьршонехь, цуьнан жоьпалле хиларх - оцу сийлахьчу зудчух а, цкъа а ша шен некъах цхьанге а йоха а ца йойтуш, шена нийса а, адамалле а хетачунна тIера ша цхьанге дIа а ца йоккхуьйтуш яьхна йолчу. Цуьнан адамна орцах кхача кийча хилар доза доцуш дара".
Кхечу къомахчу мухIажарел а алсамох бара Бокс Iуналла дечу кхерчахь нохчийн а, гIалгIайн а къомах нах бехаш я, цигахь официале адрес дIадаздина, я цо кхечу агIор гIо дина. Церан дукхалле хьаьжча, мел кIезга а, бIеннаш махкахой хила богIура ХIелденплатце гулбелла, цу зудчун тIаьххьара баркалла ала.
Амма уьш кIеззиг бен бацара – ткъеъ стаг хир вара юкъарчу хьесапехь 10 эзар герга вайнах бехачу Венерчу диаспорера Бок Утен сийна леринчу акце веанарг. "Австрера нохчийн нанойн юкъаралла", "Ичкери" а цIе йолу цхьаьнакхетараллин векалш а, цхьа-цхьацца Венин бахархой а бара царна юккъехь.
Нохчийн меттан хьехархочо Умаева Фатимас дийцира, шена Бок Уте евзаш ца хиллехь а, амма вуно дукха доьзалш бевза шена цо зудчо гIодина, бохуш: "Нохчашна а, схьа мел богIучу мигранташна а гIодеш яра иза. Суна сайна евзаш яцара иза, амма со хьехархо хиларх терра, дукха доьзалш бевзара суна и зуда юьйцуш, шайний-шайний цо гIодина бохуш.
Кхин дан хIума доцуш бисинчу дукха нахана гIодинера цо, цундела цуьнан сийдеш кхуза схьаеана ю со. Суна схьахетарехь, Нохчийчуьра кху махка схьа мел веана волу стаг хила везаш вара кхузахь лаьтташ, хIара аре дIа а лаьцна".
Гулбеллачарна юккъехь яра кхо йиша ГадаевгIар. Царах уггаре а йоккхахчо, 19 шо долчу Линдас дийцира Маршо Радионе Бок Утес шайна дукха гIодинера, шаьш Австрехь а иза орцах ялар бахьана долуш дитира Iедало, бохуш: "Фрау Бок йолчехь Iийна ду тхо, цо тхуна дукха гIодина. Тхо Вене схьадаьхчинчу хенахь цо тIе а лаьцна, кхузахь дитина ду. Тхо депортацех уьдуш лелачу хенахь цо гIо дира тхуна. Тхуна масийтаза петарш елла цо, юург а елла цо тхуна".
Нохчашца гергарло лелош волу австрихойн юкъараллин жигархо Фойгл ХIерберт а вара ХIелденплатцехь Бок Уте дагалоцучарна юккъехь: "Со сайн нохчийн доттагIашца веана ву кхуза. Дуккха нохчашна гIодинера цо. Цундела цуьнца Iодика ян веана ву со".
Шина сохьтехь яхъелла хилла Бок Утен сийдаран акци уггаре а вевзачех австрихойн эшаршлакхархочо Фендрих Райхартс мухIажарийн берийн хорца цхьаьна шен цIеяххана йолу "КIайн я Iаьржа" йиш лакхарца дIайирзира.
Бок Утен кхерчахь бехачу нохчийн доьзалшкара бераш а дара цуьнца цхьаьна хорехь йиш локхуш.