Суьдо бехке винарг ву Гуьмсан кIоштара вахархо. Цо "ВКонтакте" йолчу шен агIона тIехь дIахIоттийна хилла нохчийн вевзаш волчу эшаршлакхархочо Муцураев Тимура дIааьлла цхьа йиш. Муьлхарниг ю дуьйцуш дац.
И бахьана долуш и стаг бехке вина экстремистийн материалаш яржорна. Суьдо 2 эзар сом гIуда тоьхна цунна.
"Кавказский" узело бинчу хаамца, цу кеппара бехк а буьллуш лаххара а 6 стагана таIзар дина Нохчийчохь кху тIаьхьарчу хенахь.