Кхелхина Нохчийчуьрчу тIеман теш хилла видеожурналист Мусаев Руслан

Мусаев Руслан шен доьзалца.

Журналист хилла Мусаев Руслан кхелхина Москох. Цуьнан дара 50 шо. Нохчийчоьнах баккъала а дог лозуш, шена хетарг майра дIаолучех вара Руслан.

Нохчийчохь ши тIом боьдуш "Ассошиэйтед пресс" телевизионан агенталлан видеокорреспондент вара Мусаев. 2000-чу шерашкахь кхин рицкъ лохуш хиллехь а, журналистика юьтуш вацара иза.

Нохчийчуьрчу хиламашна комментари еш Мусаевс шена хетарг, оза а ца луш, дIаолура Маршо Радион эфирашкахь ша вистхуьлуш. Даиман а хьекъале а, чулацам болуш а хилара цо дуьйцург.