Роскомнадзоро варе йина "Радио Свобода"

Навальный Алексейс бинчу талламехь хьехош ву бизнесхо Дерипаска Олег.

Маршо Радион оьрсийн сервисе кехат даийтина Оьрсийчоьнан Роскомнадзоро Чиллан-беттан 9-чу сарахь. Цу тIехь дуьйцуш ду Коррупцица къийсам латтон фондан куьйгалхочо Навальный Алексейс дийцинарг тIехь долчу материалехь Оьрсийчохь баржо магийна боцу хаамаш хиларх лаьцна.

Буьйцург бу Навальныйс бизнесменах Дерипаска Олегах а, Оьрсийчоьнан вице-премьерах Приходько Сергейх а лаьцна бина таллам. Билггала муьлха хаамаш бу Оьрсийчохь баржо ца магийнарш дуьйцуш дац Роскомнадзоран кехатехь.

"Медиазона" зорбанан гIирсо а бина ПIераскана сарахь шайга а кхаьчна цу кеппара Роскомназорера кехат аьлла.

Навальныйс бинчу талламехь дуьйцуш ду 2016-чу шарахь Марсхьоку-баттахь Приходькос масийтта де даьккхина хиларх лаьцна Дерипаскин яхти тIехь.

Оппозицин политико бехке вина вице-премьер коррупци лелорна. Дерипаскин векло дIахьедар дина, бизнесхочо низам дохош хIумма а ца дина, и бахьана долуш шен сий а, яхь а ларъян дагахь ву иза суьдехь а цхьаьна аьлла.