Кадыровн тIаьххьара сурт зорбане даьккхина historyinorbit портало

Маршо Радион архивера сурт.

"ХIара тIаьххьа хиларца девзаш долу сурташ инзаре ду" (These Last Known Historical Photos Are Eerie) аьлла цIе а йолуш, девзаш долу адамаш кхалха йисина дукха кIезиг хан а йолуш, даьккхина 39 сурт зорбане даккхина евзаш йолчу Iамеркерчу historyinorbit портало.

Царна юкъахь 13-чу меттехь лаьтташ ду Кадыров Ахьмад-Хьаьжа дийна волуш тIеххьара даьккхина сурт.

"Нохчийн президент Кадыров Ахмад, эккхийтар а дина валале. Бомба эккхийтира 2004-чу шарахь 9-чу майхь, ШолгIа Дуьненерчу тIамехь толам баккхарна хьажийна парад дIайоьдуш а йолуш, нохчийн исламисташ", - аьлла яздина ду цу сурта кIеллахь.