Шеларчу полигонехь Iамораш долийна

Шела кIоштарчу "Гвардеец" полигонехь кхийсархойн а, танкистийн а Iамораш дуьйладелла. Герз тохар гойтуш, танкан, артиллерийн гIирсаш караберзош Iамораш дIахьо 42-чу дивизин дакъойн эскархоша. Цу Iаморашкахь ву 1000 сов салтий, 200 техника а, дийцина "Кавказан узел" агенталле Нохчийчуьрчу комендатуран векало.

Иштта Къилбаседа ХIирийчуьрчу "Тарское" олучу полигонехь а дIахьош ду оршотдийнахь Iамораш.