Нохчийн депортацех лаьцна "ТIедожийна дицдан" филм гойтур ю Гуьржийчохь

Гуьржийчуьрчу Гори гIалахь гойтур йолуш ю кху беттан 23-чу дийнахь Сталинан депортацин заманчохь Хьайбахахь хиллачу зуламах "Дицдан тIедожийна" филм. Нохчийчуьра оцу барамехь хир ву кинон режиссер Коканаев Руслан

2014-чу шарахь яьккхинчу оцу филмехь дуьйцу 1944-чу шарахь нохчаша лайначу депортацех. Эзарнашкахь адамаш дагийна хIетахь Хьайбахахь.

Оьрсийчоьнан территори тIехь дихкина ду кино гайтар, къаьмнашна юкъахь мостагIалла даржадо аьлла.

Кино яьккхинарш реза бац оцу версина.