Your browser doesn’t support HTML5
Нохчийн назманаш ноташ тIе а яьхна, церан гулам зорбане боккхур бу тIедогIучу шарахь. И сацам бина културан министраллана чуйогIучу халкъан кхоллараллийн кхеташонехь.
Цуьнан куьйгалхочо Даудов Рамзана, и гIуллакх юьхьарлаьцначо, хIинцале дуккха а ноташка ерзийна. Иштта гулам арахецча, уьш къоман културан тIаьхьало аьлла мах хадо мегар ду, элира цо цу хьокъехь вистхуьлуш: "Назманаш ю-кх уьш. Уьш културан тIаьхьалонан объекташ бохучунна юкъаяхийта билгалаъяхна ю. 12 ас ноташка яьхна. Хаза неха санна чулацаме ю уьш. Вайн шира культура, хийца а ца хуьйцуш схьагойтуш ю-кх уьш"..
Еккъа назманаш ноташка ерзийна ца Iаш, уьш дIаолурш а бовзуьйтуш, ноташ кхолларан бахьанаш а, хенаш а юьйцуш хир ду оцу гуламехь.
Шира назманаш шуьйра йовзийтарехь а, цаьргахула нохчийн ширачу исторехула, цуьнан иэсе кхиа аьтто хир бу аьлла, билгалдаьккхира композитора Даудов Рамзана: "И назманаш, шира иллеш санна халкъан са санна ю. Вайн халкъан сица йогIуш ю уьш. ХIинца керла девла иллеш, къастийна ду царех. Нохчийн сица йогIучу оцу назманаша хатIца билглалдоккху вайн ламасташ а, амалш а. Царех вайн хъалкъ ца къастийтар а, бусулба динехь вай чIагIдар а, коьрта Iалашо ю-кх цуьнан".
Оцу гуламан юккъера назмех цхьаерш таханлерачу иллиалархоша дIаэр ю. Цул сов массийта версица а кечйир ю иза.
Ала догIу, кху шарахь арахеца езаш ю нохчийн авторийн белхаш, мукъамаш, я байташ а тIехь йолу гулар а.
Дукхахдерг, авторийн бакъонаш ларъярхьама юкъадоккхуш ду и мехал гIуллакх.