Некъан бохамехь нах белла Нохчийчохь

"Кавказ" федералан некъа тIехь машенаш вовшахкхетта, 4 стаг велла аьлла, хаамбо махкарчу чоьхьарчу гIуллакхийн министралло.

"Соьлж-ГIалин Заводской олучу кIоштарчу "Кавказ" федералан некъа тIехь Мескер-Юьртарчу вахархочун КамАЗ а, меттигерчу бахархойн "ВАЗ 21099" а, "ВАЗ 2109" а кхо машен тIеттIакхетта", - яздо оцу хаамехь.

"ВАЗ 2109" машен лелорийг а, жимачу машенашкахь хилла 3 пассажир а велла. Карарчу хенахь толлуш ду бохаман бахьанаш.