Австрерчу нохчийн студентийн "Серло" цIе йолчу цхьаьнакхетаралло Вена гIалин хьукматца цхьаьна вовшахтоьхнера цу махкахь уггаре а йоккхах хиллачу нацистийн концлагере экскурси. Австрин коьртачу шахьаран интеграцех йолчу магистратаца цхьаьна цара лерина нохчийн студенташна а, студенташ хила кечлучу лакхарчу классийн дешархошна а цу лагере баха мехаза автобусаш Iалашйинера.
Цул совнаха, Маутхаузенехь хиллачух лаьцна дийца мехаза гидаш а, делкъана даа пхьор а Iалашдинера интеграцех пачхьалкхан хьукмато.
Студентийн цхьаьнакхетараллин куьйгалхойх цхьаъ йолчу Кушалиева Таисас Маршо Радиога ма-дийцара, вуно тIеIаткъаме дара нохчийн кегирхошна Маутхаузенехь хилларг довзар а, и меттигаш шайн бIаьргашца гар а. Цигахь кхелхинчарна юккъехь цхьа нохчо хилар хаар а мехала дара царна.
Маутхаузен уггаре а йоккха концлагер хилла Австрехь. Цу чохь вийна тайп-тайпанчу къаьмнех 100 эзар сов стаг. Кавказера нах а хилла царна юккъехь.