Террорхойн тоба кхолларна лаца кхайкхийна Нохчийчуьра вахархо

Handcuffs hanging on bars

ГIалмаккхойчуьра Цугиев Iимран а, Нохчийчуьра Мальцагов Сулейман а лаца кхакйкхийна Москохан Лефортовн кхело. Кхелан сацамца, террорхойн тоба кхолларна бехкевина Цугиев а, Мальцагов а лаца дезаш ву аьлла кхелан секретаро Краснова Екатеринас.

Цугиев Iимранна бехкедуьллу, террорхойн организаци а кхоьллина, цу юкъа кегийрхой ийзорна а, бакъо йоцуш герз лелорна а. Мальцагов бехке лору террорхойн тобанехь латтарна а, герз лелорна а.

Росфинмониторинган сайтехь терроризман декъах хиллачийн тептарехь ву ший а.