Your browser doesn’t support HTML5
ХIетахь Нашха кIоштахь 700 сов нохчашна тIекхаьчнарг шен къизаллийца наггахь бен доллучу дуьненан исторехь а дуста масала ца карочех ду.
Цу хиламийн теш, хIетахь Нохч-ГIалгIайчохь юстицин наркоман гIовсан даржехь хиллачу Мальсагов Зияуддига теше санна бинчу хеттамашкахь, цо иштта дийцинера шена гиначу, ша дакъалаьцначу хиламах лаьцна:
"Чиллан-беттан 27-чохь Хьайбахан бахархой схьагулбира, Соьлжа-гIала охьабига аьлла. Хьайбахарчу Бериян цIарахчу говраш лелоран колхозан говрийн божлина хьалха цу луларчу хуторшкара а, эвланашкара а нах схьабахкийра. Цхьана эпсаро элира, гIаш ца вахалуш верг божли чу гIо, цу чохь царна кечйина меттиг, шел ца балийта тесина ча а ду, аьлла.
Баккхий нах а, зударий а, бераш а, ткъа иштта шайн цомгашчарна Iуналла деш болу могушнах а бахара цу божли чу...Ас дагардарца, 650-700 адам дахара цу чу. Бухабиснарш Ялхара дIахьовсийра. 10 даьлчул тIаьхьа 11 далале йолчу хенахь могушберш дIахьовсийна бевлачул тIаьхьа божлин ков дIакъевлира.
Суна омра хеза: "ЦIе таса!" аьлла. Оцу сохьта цIе хьалалетира доллучу божлех. Хьалхехь тIе мехкадаьтта а тоьхна, ча кечдина хиллера цара". Иштта яздина ду Мальсагов Зияуддига нохчийн прокуратурано 1990-чу бинчу хеттамийн протоколехь.
Мальсаговна Хьайбахахь хилларг чаьлтачийн агIор схьа гинехь, кIеззиг бац Нохчийчохь цигахь хилларг закъалтийн агIор девзарш а. ХIора шарца цу къизаллин тешаш лахлуш бу, цу чохь баьгначийн йиша-ваша, да-нана, доьзалхой цхьа-цхьацца бен ца вуьсуш, къаналла а, тIемашкахь а леш дIабовлуш бу.
Иштта масех шо хьалха кхелхина Гихча-кIотарахь вехаш хилла волу Абу-Хьажа цIе йолу воккха стаг. Цуьнан хIусамнана а, пхи бер а дагийнера Хьайбахахь. 2002-чу шарахь Маршо Радион корреспонденто интервью оьцуш, дIаязбира Абу-Хьажин цу денах болу дагалецамаш, амма тIамо и аудиоархив хIаллакйира.
Абу-Хьажа вевзаш хиллачу Сулейманов ИсмаIала иштта дуьйцу, Абу-Хьажин дешнашна тIе а тевжаш, цуьнан доьзалан кхолламах: "Цу чохь багийначу нахана юккъехь СемаIашкарчу Албастов Хьаж-Мурдан зудий, ялх бер хилла. Гихшча-кIотарахь вехаш хиллачу Абу-Хьажин зуда а, пхи бер а дагийнера цу чохь. Абу-Хьажас дуьйцуш хезна ву со, уьш багийначул тIаьхьа цига ша тIекхаьчча, шена шен цхьа кIант цуьнан куьйгах вевзира бохуш. Ша цкъа цхьанхьа вахана волуш шен 5 -6 шо долчу кIантана эцна кетар еанера олура цо. Цу кетарах цхьа пхьош дисинера, цу пхьуьйша чохь цуьнан куьг а дисинера, чим хиланза. Цу пхьуьйшах, цуьнан куьйгах вевзира шена шен цхьа кIант бохуш дуьйцура цо".
Цхьа а стаг жоьпе озийна вац Хьайбахахь бIеннаш адамаш дагорна. Оьрсийчоьнан Iедало ур-атталла мукIарло дина, тIеоьцуш а дац и зулам.