Your browser doesn’t support HTML5
Иза, шен са а, дегI а ца кхоош, ша дечун тIаьхьалонашка ла а ца доьгIуш, нийсонна тIехь лаьттина стаг яра. Тидам бан беза, иза йийначул тIаьхьа, ала мегар долуш, хийцаделла Нохчийчура политикан дахар.
Йоккха, цкъа а яйалур йоцу "хьоькх" йисина лаьтташ ду и еран гIуллакх меттигерачу Iедалшна синан тIехь. Иза динарш билгал а баьхна, уьш дIа а лаьцна, жоьпе озоллалц хир а ду иштта.
Цуьнца болх бинчу бакъонашларъярхочо Байсаев Iусамас иштта дагалоцу Наташа: "Наташа ер - ша тайпа хаам бара хIинцачул тIаьхьа бакъдерг дийцар ловр доцийла гойтуш. Наташа майра яра. Цул чIогIа эхь-бекх долуш а яра. Кхерам шена туьйсушехь, яхь дIа ца луш, кхечарах ойла еш стаг яра иза. Къинхетаме иза ца хиллехьара, шен цхьаъ бен йоцу йоI а эцна дIаяхана хир яра кхиберш санна".
Эстемирова Наташа йийначул тIаьхьа, цо бина болх караэца стаг ца хилира, аьлла дуьйцу оцу хенахь "Мемориалехь" болх бинчу адвоката Ицлаев Доккас: "Ма дарра аьлча, цо бина болх шена тIе а лаьцна дIабахьа стаг ца карийра-кх кхузахь".
Эстемирова Наташица кесст-кесста къамел хуьлура сан а, махкахь болх бечу бозучу боцучу журналистийн а. Меттигерачу хаамийн гIирсашкахь иза хуьлуш а яцара, аьлча а, кхойкхуш а яцара.
ТIаьххьара тхойшиъ зIене даьллера ТIехь-мартан кIоштера цхьа нах низамхоша дIалаьцначул тIаьхьа. Цо ша и гIуллакх толлуш ю, тIедогIучу деношкахь шен ала хIума хир ду цунах лаьцна аьлла, дош деллера. 2 де даьлча иза йийра. Цуьнан хIора интервью хуьлура майра, ма дарра хIума дIаолуш. ХIара къамел санна: "Оьрсийчоьнан "Фемидас" рогIера дIагайтина, хьенан агIо ша лаьцна. Низаман агIо яц иза. Ницкъбечеран а, нах бойучеран а, цIенош дагочеран а, зуламхойн а. Коьртаниг церан погонаш хилчхьана, уьш Iедалан цIарах оцу хенахь лелаш хилчхьана. Шайна луург дан бакъо ялар ду иза - зуламаш де, хьан пачхьалкхо хьо Iалаш вийра ву".
Эстемирова Наташига дукха а баьхнера хьуна кхерам бу хьуна, хьо дIаяха еза хьайн йоI а эцна пачхьалкхан дозанал а ара. Иза къарлур йолуш яцара, харцонна-м муххале а. Суна дагадогIу, Соьлжа-гIалана юккъахь дIабохийначеран хIолламан кертахь цига баьхкинчу лаккхарчу даржхошца даьлла дов.
Уьш гIеххьа озабелира цуьнах, аьлча а, цо юьхь-дуьхьал бакъдерг аьлча. Лахахь долу сурт оцу дийнахь даьккхина ду. Иза муьлха а нохчо санна тешара, паргIато кханенна генахь йоцийла а"", и хало ца лайначунна цуьнан хам хуур боцийла а.