"Пальмира" олийла лаьа Кадыровна ракетах

Еарийдийнахь президента Путина ша хIора шарахь Федералан кхеташоне ден дIахьедар довзуьйтуш элира, Оьрсийчоьно керла тIомайолу ракета а, хин бухахула лела зарратан кеманийн система а арахецна, амма оцу герзна цкъачунна цIе тиллина яц, аьлла.

Нохчийчоьнан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна хетарехь, Оьрсийчохь хIора вахархо а ву шена товш хета цIе яккха йиш йолуш – цундела цо Шемахь беллачу оьрсийн салтийн сийнна "Пальмира" цIе тилла еза боху керлачу ракетанна.

"Терриристаша гобича, " х1ара шуна к1ентех а ду!" олуш, ша-шен эккхийтинчу пилотан Филипов Романан хьомара, террористашна хаавелла, цара ша гоне лаьцча, тIом шена тIебехначу Прохоренко Александран хьомара, Туркойчоьно стиглахь эккхийтинчу оьрсийн кеманхочун Пешков Олеган хьомара, Пальмирехь эгначу турпалхойн хьомара " ала деза ракетах "Пальмира", боху Кадыровс.

Хаам баржийнарг ю ChechnyaTODAY портал.