Зазадоккху-беттан 5-чу дийнахь велла Сталин Иосиф. Оцу дийнахь нохчийн диссиденто-историка, Кремлан хатI дуьненна довзуьйтуш вехачу Авторханов Iабдурахьмана Сталина шен къомана а, ерриг Орсийчоьнна а мел дина зенаш дагалецира.
«Эххара а вели Сталин. Детталучуьра сеци чагΙалкхан дог, болх бечуьра сеци йилбазан корта.
ДΙадаха шеца я ларам а, я безам а, я къинхетам а, цхьа а адамаллин хьаса а боцуш даьхна адам.
Шийлачу чалтачан амалой, шен са лардан хуучу дийнатан стешхаллой адаман тайпанца догΙуш а доцчу акхаройн тайпанах дΙатарвора иза.
ДΙаваха, адамашлахь уггаре а тоьллачу миллионийн синош чекистийн баннашкахь, Сибрехан варшашкахь, Колымарчу маьΙданийн оьрнаш чохь, Юккъерчу Азин гΙамаршкахь, Кавказан лаьмнашкахь хΙаллакдарца, шен цΙе яха йитина стаг.
ДΙаваха, цкъа а хилла доцу пачхьалкхан лолла , къизаллин Ιаьржа бода кхоьллина а, чΙагΙбина а, шорбина а волу стаг.
ДΙаваха, хΙинца да а велла, байлахь бисина саьхьара шен гΙентах тийсало, шех тера, ша санна болу халкъан чалтачийн бΙонаш кхиийна стаг.
ДΙаваха гΙаттамаш, революцеш, тΙемаш бахарехь, шех шайн ах-дела а вина, цуьнан лаамаш кхочушбеш дуьне а бале хΙоттон кийча хьийза говзанчаш кхоьллина а, кхиийна а волу стаг.
ДΙаваха ткъе итт шеран дохалла, хуьлуш цхьа а бекхам а боцуш, вайн дайн, вежарийн цΙийлахь, вайн нанойн йижарийн бΙаьрхишлахь нека деш ваьхна стаг.
ДΙаваха, кху дуьнентΙехь лела а лелла, неΙалт хиллачех уггаре а неΙалт хилла стаг.
Таллан гΙуркх болийла цуьнан коша чекх!
Цкъа а ца дов неΙалт хуьлда цунах дисинчу иэсана!!
Луьра тΙом лаьттийла цуьнан тΙаьхьалонца!!!
Иштта бу вайн къаьмнийн сардам.
Иштта хир бу иза тΙейогΙучу тΙаьхьенийн а».