Боберийн рицкъ дIадалийтина Ножай-Юьртарчу прокуратуро

Архивера сурт.

Ножай-Юьртан кIоштарчу прокуратурана гучудаьлла хилла меттигерчу бобершана догIу ахча дIаделла ца хилар. Цу хьокъехь оьшуш долу кехаташ кхачийна цо кIоштан кхеле.

Иштта Ножай-Юрьтан кIоштахь Iедало дола деш ду байлахь дисина 39 бер. 2017-чу шарахь ГIура-баттахь уьш кхаба луш долу ахча дIаделла ца хилла. Цу ахчанан барам бу 456 эзар сом. И рицкъ дIакхачор доьхуш латкъам бина хилла суьде меттигерчу прокуратуран белхахоша.

ГIуллакх теллинчул тIаьхьа суд реза хилла цара дуьйцучунна. Цо декхарелахь йина жоьпаллехь йолу хьукмат боберийн рицкъ дIакхачо.