Реформа дIахьош Украинан гIо латтор ду Евроберто. Европан бертан арахьарчу политикехула йолчу лакхарчу векало Могерини Федерикас дина и дIахьедар Киевехь йоьдучу пресс-конференцехь. Украинан 1 миллиард евро дала Iалашо ю Брюсселан аьлла, къастийна цо.
2015-чу шарахь дуьйнна Евроберто гIоьналла латтадо Украинана. Ши миллиард евро лур ду аьлла, бина барт бара хIетахь.
Шозза ахчан транш дIакхачийнера Украинана, ткъа кхолгIа дуьхьало йира ахча дала, оцу пачхьалкхо Евроберто тIебехкина билламаш кхочуш ца бина аьлла. Малхбалерчу Украинехь йолчу ситуацех дуьйцуш, Могеринис билгалдаьккхина, ОБСЕ-н лерина мониторинган комиссин бакъо хила еза Украинан йоллу территори тIехь дIасалела, ур- атталла, Оьрсийчоьнца долчу дозанашкахь а, аьлла.
Президентца Порошенко Петроца а цхьанакхета дагахь ю Могерини Федерика.