"Хаамбе, стенгахь юхкуш ю Iожалла" аьлла акци йолийна Нохчийчохь

Нохчийчохь оршотдийнахь дуьйнна Оьрсийчоьнца юкъахь нарктикашна дуьхьал йолийна акци ю "Хаам бе, стенгахь юхкуш ю Iожалла" аьлла.

Акци дIаяхьаран Iалашо ю - юкъаралла наркотикашца къийсам латто декхаре яр, цаьрца боьзначарна гIо кхачо а, царна дарба дарехь а, реабилитаци ярехь а консультаци латтор а.

Цуьнца доьзна бахархошка беш кхайкхам бу, муьлхха а наркотикаш юхкуш, пайдаоьцуш меттиг шайна хаалахь, наркотикашна дуьхьало латточу урхалле хаамбар доьхуш.