Your browser doesn’t support HTML5
Журналисташца хиллачу пресс-конференцехь бина и хаам Нохчийчуьрчу могушаллан министро Сулейманов Элхана.
Цо бахарехь, кху шарахь гуьйранна Нохчийчохь схьайоьллур йолчу консультативан а, диагностикан а центрехь кхуллур ду косметологин, пластикан хирургин дакъа.
Меттигерчу бахархойн кхин дезар дац пластикан операцеш ян мехкан дозанал а арадовла. И гIо оьшучара хазахетарца тIеэцна министран хаам.
Амма цунна дуьхьал берш а кIезиг бац махкахь. Уьш реза бац, цхьа доккха бахьана ца хилча шен меженаш хийцарна. Адаман тIехулара хатI хийарх хIун пайда бу аьлла хета царна. Цул а цуьнан кийрахь дерг теллича гIоле дацара элира, ша а лор йолчу Соьлжа-гIалара яхархочо Зубайраева Каметас: "Вайн Нохчийчохь дукха яьржина юьхь-сибаташ хийцаран меттигаш. Адам къон дан а, жима дан а гIерташ, цара мел чIогIа иза дарх а, кийрахь ша ма - дарра ма дуьсий.
Хи санна леш бу вайн нах. ТIехула уьш хазабечул а ( вай иштта а хаза дара), кийрара цамгаршна дарбанаш оьшура. И цамгарш дIаяха клиникаш еллахьара цара. Жимма диагностика адамийн тароне хьаьжжина яхьара цара, дика хира дара".
Баккхий нах хIинций бен дIа ца боьлла, зударша шайна догIмашна тIехь операцеш а йойтуш дечух. Иза цхьанна а агIор магош дац Соьлж-ГIаларчу къаночо Исраилова Маликас: "Стигланний, латтаний юкъахь цул осала хIума дан ма дац. Мича бахна вайн дешна нах? Мича бахана вайн молланаш? Цу тIе девлла вай? Iедало со лаца а лаьцна, полицино хьан сих хIара топ тухур ю-кх, ахь хIара хьайна ца яйтахь аьлча а, ас дойтур доцуш хIума дар-кх иза. Эхь дац иза дагадар а, и операцеш яйтар а?
Хьан куц Дала делларг дац? Эхь доцуш адамаш хилар ду. Эхь дац адамо балдаш чу вазелин дуттуьйтуший, меженаш совсошший, стамъешший. Марош-м дийца а ца оьшу. Со 9-чу дарбан хIусаме яхча рагI яра цигахь операцеш яйта лаьттачийн".
ДегIаца, къаьстина юьхь-сибатца кхачамбацараш дIа ца даьхча ца бовлу нах. Цуьнах, мел дуьхьал хиларх дIадоьлла адамаш. Амма и гIо оьшурш дукха болу дела, махкахь цхьана юкъанна, ша жIаьлийн нускалш санна яьржинера цхьа а лоьрийн говзалла йоцучу наха и кегий операцеш яр.
Масала, уггаре а чIогIа даьржинарг дара вазелинца балдаш а, кхийолу дегIан меженаш юзар. Массийта пациентан цуьнах дIовш ма делли Iедалша омра а дина, цхьа моггIа салонаш дIакъевлира.
Пластикан операцеш дуьненахь а яьржина ю. Даккхий ахчанаш а ду царах хуьлуш. Цундела, схьагарехь и ахча махкахь дисийта гIерта могашаллаларъяран министралла.