Нохчийчу харжамашна тIехь терго латто шен векалш бохуьйтуш Навальныйс

Нохчийчуьрчу харжамийн каппашкахь кхаьжнаш тосучу дийнахь тIехь терго латто 53 шен лаам болу тергамча вахийта Iалашо ю оппозиционеран Навальный Алексейн штабан.

"Нохчийчоь. "99 процент наха кхаьжнаш тесна" йолу. Тхоьга Iаламат дукха кехаташ даьхкина оцу республикера. Лечкъа а ца деш, кхаьжнашна тIехь фальсификаци ю лелош, шаьш болх бан кхоьру бохуш, яздо бахархоша. "Тхо кхузахь даха дезаш ма ду кхи дIа а", ишта кхин а…

Царех кхета мегар ду, делахь а цхьа ши майра стаг ву, тергамчаш санна цига ваха лаам болуш, хIетте а тхуна лаьара тхайн цIарах Нохчийчу делегаци хьажо. 53-ммо цига ваха лаам хилар къадийна тхоьга", - яздина шен сайтехь Навальный.

Цо бахарехь, церан кхерамзалла Iалашъян хьовсур бу Оьрсийчуьрчу харжамийн комитетехула (ЦИК).

"Нохчийчу церан бахарх еаридийнахь дийцаредийр ду оха ЦИК-ан куьйгалхочуьнца Памфилова Эллица, церан кхерамзалла цуьнга шена тIелацар а доьхуш", - хаамбо Навальныйс.

"Iаламат пайден" хир ду аьлла хета оппозиционерна, нагахь меттигерчу Iедалшца боьзна боцучу наха терго яхь "99 процент харжамхойн".