Экстремистийн йозанаш даржорна Ростовн кхело хан кхайкхийна нохчочунна

Къилбаседа Кавказан тIеман кхело Ростов гIалахь вехачу Нохчийчуьрчу вахархочунна Хордаев Джаддална социалан машанехь экстремистийн материалаш яржорна аьлла, набахтехь даккха 3 шо хан кхайкхийна.

Терроризме а, экстремизме а кхайкхамаш бен видеороликаш а хIиттош, царна комментареш еш хилла цо.

"Интерфакс-Юг" агенталле кхелан пресс-секретара Катькало Аленас бина и хаам.