Туьканашкахь а, базарашкахь а мехала яьлла "хими"

Цхьана баттахь махкахь юхку жижиган продукци талла а теллина, царна юкъахь дикалла йоцург къастор тIедожийна Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана республикан кхерамазаллан кхеташонна.

Леррина оцу гIуллакхна аьлла цхьанакхетар дIадаьхьира цо Iедалан белхахошца. Шега а кхьчна элира цо махка, масала, чуяхьаш йолу котамаш яккхий хуьлуьйту дIавш тоьхна ю аьлла, хаам.

ТIейоьгIучу хенахь махкахь хьалакхуьург бен цхьаннна а кепера хIума хилийта ца еза элира цо: "Хаамаш бу, кхузара дIахьо елла котамаш вайна юханехьа чу а кхоьхьуш, юьхкуш ю аьлла. Вайн махкахь хила ма еззара котам, жижиг а, муьлхха а сурсат а, башхалла а яц, молханаш йиттинарг хила йиш яц, ма етта химеш, ма яае царна химеш, ахь адам хIаллак деш ду".

Сел цIеххьана жижигаца долу и хаттар айдаран бахьана ду, тIаьххьарчу деношкахь социалан машанехь даьржина дуьйцург. Наха чIагI а деш, дуьйцу, Нохчиийчу Хасав-Юртара дIавш тоьхна котамаш чуеъна аьлла. Уьш ма эцахьара цхьана шина кIирнах мукъна а бохуш, дара оцу кхайкхамна тIехь.

Схьагарехь, и хаам Iедалшка а кхаьчна. Цундела церан омраца а догIуш, махкахь жижигаш мел духкучу меттигашна талламаш бан болийна. Шайна а баьхкинера аьлла Маршо Радиога дийцира жижиг духкучу цхьана туьканара махбархочо Яндарова Лайлаа: "Селхана баьхкина-м бара. Таллам ца бича, машен а чуйоуьйтуш а ма яц. Котамаш карийна бохуш ду, амма жижиган а таллам беш бу. Цара и талламаш бича-м гIоле дара. Иза буьйда лелочу тхуна кхераме а ма дай иза".

Iедалша долийначунна тIетов юкъараллехь. Дукха хан яра базаршкахь а, туьканашкахь а цIена йоцу, могушаллана кхераме ерг дIаяьккха еза, боху наха. Къаьстина дукха жижиг дуучу нохчашна цуьнан дикаллин терго ян еза, элира ялта лелочу Татаев Муштас.

Молханаш ца даийча, 40 дийнахь кIорнех йоккха котам хуьлийла дац, элира цо: "Химица кхобуш ю цара уьш. Кхечу агIор иштта яккхий хуьлийла а ма дац 40-45 дийнахь. 3-4 килане йолийла ма дац иштта сиха. Шина, кхаа шерашкахь цIахь кхобучо 2-3 кила а ца ло. Туьканахь ерг ша ерриг хими тIехь лелош ю. ХIинца бежнаш а хими тIехь кхаба долийна".

Базаршкахь яккхий котамаш ю тахана а 4-5 кила йолуш. Цхьанан мах бу 250-300 сом. Цуьнан даьIахк а хуьлу ша гIамарх йолуш санна аталуш. И котамаш шаьш дуьнен чу евлчхьана когаш тIехь лелаш а ца хуьлу. Iадда хевшина Iа уьш, дилха гул а деш. Ша дерриг юучунца молханаш ду боху цунна бехке.

Ткъа, адамийн могашаллна иза дIавше хилар чоьте оьцуш а дац и болх бечара.