Оьрсийчоьнан президентан дарж къовсуш хиллачу Собчак Ксенияс дIаделла харжамашкахь толам баьккхинчу карарчу хенахь цу даржехь волчу Путин Владимире политикан тутмакхаш шена хетачу нехан цIераш тIехь йолу кехат.
Цу нахана юкъахь ву 16 стаг, масала, оппозицин политикан Навальный Алексейн ваша Навальный Олег а, ЮКОС мехкадаьттан компанин белхахо хилла Пичгин Алексей а, 64 шо долу юкъараллан жигархо Мохнаткин Сергей а, иштта дIа кхин а. Амма Собчакан цIейозана юкъахь цхьа а Къилбаседа Кавказера вахархо цахилар билгалдоккху цу хаамна комментари йинчу журналисташа.
Цу юкъана, Маршо Радионо яздина ма хилара, дуьненаюкъарчу "Мемориал" центро шен тептара баьхначу политтутмакхийн терахь ду 228.
Царех еккъа ша политика бахьанехь набахтехь валлориг 46 стаг ву, динца доьзна чувоьллина кхобу – 97, набахте а кхачоза бехбечийн могIаршкахь – 39, "политика бахьанехь хьийзош болчух тера ду" аьллачу категорехь ву 46 стаг.
Оцу нахах 24 къилбаседа-кавказхо ву.
Багавутдинова Зарема - Дагестарнерчу Буйнакскера бакъоларъярхо. 5 шарна набахте хьажийна, стаг вере кхайкхина кхин стаг аьлла.
Барыляк Иван - Ставрополера белхало. 3,5 шо токхуш ву латарна бехке а вина.
Гериев Жалауди - Нохчийчоь, Шела. "Кавказан узел" агенталлан корреспондент. 3 шо токхуш ву "алсам барамехь наркотикаш лелорна".
Кудаев Расул – ГIебарта-Балкхаройчуьрчу Прохладнера. "Нах байарна", "машенаш идорна", герз карахь терактехь дакъалацар", и. д. кх. .
Парпулов Петр –Сочехь авиадиспетчер волуш лецира, 12 шарна набахте хьажийна шпион ву аьлла.
Смышляев Максим – Ростоврчу "Макдоналдсан" белхахо, студент вара лоцучу хенахь, 10 шарна набахте хьажийна "терактна арабевллачарна гIодарна".
Титиев Ойб – "Мемориалан" Нохчийчуьрчу урхаллан куьйгалхо. Ши бут хьалха лаьцна доларчу машенчохь "наркотикаш а карийна".
Дин бахьанехь набахтехь бохку кавказхой
Динах бахьана а дина, набахтешкахь кхобу политтутмакхаш берраш а санна бусалба нах бу, иттех оьрси а, кхечу къаьмнех болу керстанаш а ца лаьрча.
Ахтаханов ТахIир – Нохчийчоь, ТIехьа-Марта. 11 шарна набахте хьажийна, терактна кечлуш вара, герзаш лелийна, аьлла.
Дапаев Зиявдин – Дагестан, ХIинжа-ГIала, 4 шарна набахте кхачийн "магошйоцу динан юкъаралла кхолларна".
Исмаилов Шемал – Дагестан, ХIинжа-ГIала, лор-уролог, бусалбанийн «Хизб ут-Тахрир аль-Ислами» тобане валарна, "пачхьалкхехь карчамбан кечваларна" 10 хан тоьхна, царех 2 шо набахтехь а доккхуш, 100 000 гIуда а токхуш.
Калтуев Артур – ХIинжа-ГIала. 3 шо хан тоьхна «Хизб ут-Тахрир аль-Ислами» тобане валарна.
Калтуев Сухраб - ХIинжа-ГIала. 3 шо хан тоьхна «Хизб ут-Тахрир аль-Ислами» тобане валарна.
Курбанов Сайпула - ХIинжа-ГIала. «Хизб ут-Тахрир аль-Ислами» тобане валарна, "пачхьалкхехь карчамбан кечваларна" 8 хан тоьхна, царех 2 шо набахтехь а доккхуш, 150 000 гIуда а токхуш.
Магомедов Мохьмаднаби – Дагестанерчу Кироваулера. 4,5 шо токхуш ву нах "терроре кхайкхарна".
Магомедов Хирамохьмад - ХIинжа-ГIала. Йихкинчу динан тобанехь Iарна, карчамбан кечваларна, нах зуламаш дан кечбарна, герзаш лелорна, аьлла луьрачу хьелийн набахте кхачийна 9 шарна.
Махмудов ТIажиб – Дагестанерчу Ахтара. 13 шарна набахте хьажийна терактна кечваларна, герзаш дарна, лелорна.
Рамазанов Ислам – Дербент. 11 шо хан тоьхна терактна кечваларна, герзаш лелорна.
Саралиев Эрсмак – Нохчийчоьнан Шуьйтан кIоштарчу Нихалара. ГIалмакхойчохь 11 шо хан тоьхна терактна кечваларна, герзаш дарна, лелорна.
Сулейманов Аслан – Нохчийчуьрчу Аьрга-Хишкара (Серноводск). 11 шарна набахте хьажийна терактна кечваларна, герзаш дарна, лелорна.
Текилов Анзор – Нохчийчуьрчу Аьрга-Хишкара (Серноводск). 11 шарна набахте хьажийна терактна кечваларна, герзаш дарна, лелорна.
Текилов Имран - Нохчийчуьрчу Аьрга-Хишкара (Серноводск). 12 шарна набахте хьажийна терактна кечваларна, герзаш дарна, лелорна.
Текилов Артур - Нохчийчуьрчу Аьрга-Хишкара (Серноводск). 11 шарна набахте хьажийна терактна кечваларна, герзаш дарна, лелорна.
Шавхалов Адам – ГIалгIайчоь, МаьлгIабекан кIоштарчу Махьма-ХитIара. 11 шарна набахте хьажийна терактна кечваларна, герзаш дарна, лелорна.
Эсмурзаев Хосо - ГIалгIайчоь, МаьлгIабекан кIоштарчу Зязиков-Юьртара. 11