"Вежараллин цхьаьнакхетар" кечдеш бу нохчийн а, гIалгIайн а юкъараллин жигархой

Нохчашна тIехIоьттина шен дахар дIаделлачу гIалгIачун Горчханов Тамерланан сийна Нохчийчохь йоьгIна бIов. Марс. 24, 2013

Нохчийн а, гIалгIайн а къаьмнийн цхааллин де билгалдоккхуш Зазадоккху-беттан 25 дийнахь "вежараллин цхьаьнакхетар" дIахьур ду вайнехан юкъараллин жигархоша. Иза хир ду шина республикан дозанерчу Сипсо-гIалахь.

И цхьанакхетар кечдеш социалан машанехь бинчу кхайкхамехь хаам бина, цхьанна а кепара политикан хаттарш ца дуьйцуш, шина къоман барт а, гергарло а чIагIдар ду аьлла.