Your browser doesn’t support HTML5
Батаева Хеда. Зарзаре
Ахь хьайн зевнечу озаца
Хаза ламанаш хастадахь,
Оцу ломахь тIулг керчича,
Хьуна къиг лоь, я хенакIур.
Хьаннийн хотешка доьссина,
Диттан тIера га ластадахь,
Зарзар, хьох цара хьерчадо
Чу мел боьжначу бенан къа.
Ахь хьайн зевнечу эшарца
Цхьаннан самукъадаьккхича,
Дас дIатесначу бешара
БIаьсте аьзнашка яьккхича,
Хьуна ала дош карадо
Хьо ца дезачу къийгашна,
Хьох шайн дийцараш цара до
Вовшийн тойнашка хийшарца.
Дукха Iийра хьо, тIехдукха,
Къийгийн гIовгIано Iадийна,
Дукха Iийра хьо, тIехдукха,
Тоьпан чевно аз хадийна...
ХIинца гIатталахь, олхазар,
Самаяхалахь Iуьйренаш,
Озе дерзадай доглазар,
Дагайохкуьйтуш суьйренаш...
Диттан дог дуу хенакIур -
И хьан вотанча ю хьуна,
Хьуна мел лийна къена къиг -
Уьш хьан пондарчаш ю хьуна,
Оцу ловзаран аьзнашлахь
Ахь хьайн эшараш аййелахь,
Харцо толарах тешначуьн
Чевнаш хилла дог айделахь.
2015