Австралера Британе - 17 сохьтехь

Boeing 787-9 Dreamliner кемана чохь.

Исторехь дуьххьара Австралера Британерчу Лондонан ХIитроу аэропорте, охьа а ца хууш, рейс йина кемано.

Qantas Airlines компанин лайнеро бина 14 500 километр некъ 17 сохьтехь. И рейс йина Boeing 787-9 Dreamliner кемано. Цо нисса ах кIезиг мехкадаьтта дойу Boeing 747 дойучулла а.

Boeing 787-9 Dreamliner кема новкъа далале вистхуьлуш Qantas Airlines авиакомпанин куьйгалхочо Джойс Алана дIахьедар дина, керла рейс керла хьал кхуллуш ю аьлла. Цо дагадаийтина и компани кхуллуш Австралера кеманахь Британе кхача 4 де оьшуш хилла хилар а, 7-зза кема охьахао дезаш хилла хилар а.

Перта гIалара Лондоне деанчу Boeing 787-9 Dreamliner кемана тIехь хилла 200 некъахо. Иза новкъадаьллера 18 сахьт 50 минот яьча. Беха некъ аьхна хилийта кемана чохь ду то дина хIаваъ, лахдина ду гIовгIа хилар.